Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Чеченский индустриальный техникум»

Ассаламу 1алайкум.

07.06.2024
Х1утосург беттан ткъе итталг1ачу дийнахь Соьлжа-Г1алахь д1адаьхьира хьехархошна а, студенташна а, дешархошна а–тайп-тайпанчу къовсамашкахь толам баьккхинчу–совг1аташ далар. СПО-н студенташна йукъахь а хиллера тоьлла сочинени йазйарна лерина къовсадалар. "Джунаидов С-А. С.ц1арахчу Гуьмсан хьехархойн колледжан" 2-чу курсан студентка Шабазова Мялхазни а йара къовсаман декъашхо, цо 2-г1а меттиг йаьккхира. Диплом, исбаьхьаллин литературин гуларш а йелира Мялхазнина. Даздарш д1адаьхьира Нохчийн меттан институтехь. Дала т1аьхье беркате йойла.